ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шпионалла лелорна кхеле валийна 32 Iаьрбо


ГIажаройчоьнна пайда бохьуш шпионалла лелорна кхеле валийна шен 32 вахархо СаIуда Iаьрбийчоьно, царех 30 шиIато а волуш. 2013-чу шарахь дуьйна лецна кхобуш бу и нах, уьш бахьанехь кест-кеста махкарчу шиIатоша шайгара аьрзнаш а хозуьйтуш. СаIудийн тIеман къайленаш ТехIеране кхачош хьийзар а, мехкан экономиканна зен дар а, къоман барт эгIор а до лецначарна бехке.

Суннаташний, шиIатошний юкъара барт бохош нисделла и дов. Бахначу баттахь ТехIеранехь саIудийн векалтна тIелетира нах, оцу бахьанийца гIажарошца дипломатин гергарло хадийра Эр-Риядо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG