ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яшин Ильян рапорт кийча ю


Оршотдийнахь Нью Таймс журнало зорбане яьккхина оппозиционера Яшин Ильяс Чиллан беттан-23-чу дийнахь дIадеша кечдинчу рапортан цхьа дакъа. Цуьнан чулацамехь ду, Нохчийчуьрчу тIеман дакъош, ницкъан урхаллашкара белхахой Кадыровн бIаьхой бу, аьлла. Яшина бахарехь, берриг а ницкъаш Кадыров Рамзанан куьйгакIел бу, федералан Iедало урхалла деш а доцуш.

30 эзар гергга стаг ву оцу ницкъашлахь. Уьш де эшначу нохчийн доьзалшкара дIалехьийна Кадыровс, боху рапортанах даржийначу декъа тIехь. Шинарийдийнан делкъанна, сахьт даьлча, Iалашо ю Яшин Ильян Москох шен «Парнас» партин хIусамехь рапортан презентаци ян. Цига кхайкхина бу дуккха а журналисташ, политикаш, тергамхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG