ТIекхочийла долу линкаш

Некъ буй вайнахера дIабаьхна мехкаш юхаберзон?


Дагестан --Къам махках даккхарна лерина аьккхийн митинг, 2014

Дагестан --Къам махках даккхарна лерина аьккхийн митинг, 2014

Нохч-ГIалгIайчоьнан автономи а йохош, ши къам махкахдаьккхича, Iедало шен сацамца «Грозненски область» кхоьллина 1944-чу шарахь.

Нохч-ГIалгIайчоьнан автономи а йохош, ши къам махкахдаьккхича, Iедало шен сацамца «Грозненски область» кхоьллина 1944-чу шарахь.

Цхьана агIор мехкан дакъа дIаделла Дагестанна, вукху агIор – Къилбаседа ХIирийчоьнна.

Ткъа махкахдаьккхина ши къам цIадирзича а юха ца луш дитина и дакъош. Дагестанера аьккхийн латта дайшка дIадала кечамбеш цигара Iедал хьийза ду 20 шо гергга.

Ткъа гIалгIаша шайн латта юхадезар моссаза хьахадо дуьйлу хIирашца девнаш.

Ерзаза йолчу оцу лаьттанийн проблемаца дузу Маршо Радионо кху кIиранан хаттар.

Шуна муха некъ го аьккхийн а, гIалгIайн а латтанаш церан доладерзон?

Я хьашт дац-те оцу хьокъехь кхин цхьаммо а хилларг-лелларг хьехон а?

ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучунна йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прага: + 420 724 019 832.

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832.

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG