ТIекхочийла долу линкаш

Яшин Ильяс довзийтина шен Кадыров Рамзанах рапорт


Оьрсийчуьрчу либералийн лидерех цхьаъ волчу, ПАРНАС партин куьйгалхочун гIовса Яшин Ильяс шинарийдийнан делкъехь йовзийтира Москох прессина цо хIинццалц араяларе сатуьйсуш хилла шен «Кадыров Рамзан. Халкъан кхерамзаллина дуьхьал» цIе йолу рапорт.

Цу тIехь Яшина довзуьйту шена Кадыровгара девлла аьлла хета зуламаш, кхойкху цунна доггIу таIзар даре президент Путин Владимир. Яшин, цо ПАРНАС партин хIусамехь рапорт довзуьйтучу юкъанна, маситтаза юкъахваьккхира – цкъа цIачу нисвеллачу политикан оппоненто, шозлагIа – бомба йоьллина, иза эккха кхерам бу, аьлла еъначу полицино. Шегара рапорт хьала а лаьцна, «кху чохь хIара йоцург кхин цхьа а бомба яц, иза ю шуна новкъаерг», элира Яшина.

Ша рапорт хIотторан коьрта Iалашо ю Кадыров Рамзан Оьрсийчоьнна кхераме вуйла халкъана гайтар а, Путине иза сихха даржера дIаваккхар дехар а, бохура Яшин Ильяс. 65 агIонах лаьтта рапорт, ПАРНАС партино иза шуьйра даржийна интернетехь.

XS
SM
MD
LG