ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхело декхарейина Оьрсийчоь Навальныйна 56 эзар евро охьадилла


Страсбургерчу адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело сацамбина, Оьрсийчоьно оппозицин лидерна Навальный Алексейна аьтто ца белла шен дов нийсонца талла, аьлла. Оцу бахьанийца декхарейина Оьрсийчоь Навальныйна 56 эзар евро ахча охьадилла. 2013 шарахь президентан Путинан коьртачу мостагIех цхьаъ ларалучу Навальный Алексейна, иза 16 миллион соьмана хьун лачкъийначу тобанца хилла аьлла, бехкевира.

Шен агIо лоцуш Страсбурго сацамбарца доьзна Навальныйс аьлла прессехь, «йогIур ю хан, бакъо, Европан кхелехь а санна, Оьрсийчоьнан кхелашкахь а тоьлуш». Стохка пачхьалкхан думано сацам тIеэцна, Оьрсийчоьнан низамца галморзахбовлуш нисло Страсбургерчу кхелан сацамаш кхочуш цабан могуьйтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG