ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров кийча ву дарж дита


КхидIа шен лаам бац Нохчийчоьнан коьртехь Iан, шен декхар ша кхочушдина ваьлла, махкахь дикачу агIор хицаделла хьал, аьлла даржийна Кадыров Рамзана. Шо хьалха а яздинера цо ша» бокккхачу лаамца кийча ву дарж дита», аьлла.

Прессехь хетарг довзуьйтучу тергамчашна, хетарехь, адамашна хьалха кеп лелайо Кадыровс, ша дарж дуьту бохуш, амма лерина вац гIентара гIатта. Иштта дIа ала дашна санна, хаамбина Кадыровс, нагахь санна федералан Iедална лаахь, кхидIа а Iан реза ву ша даржехь, аьлла.

XS
SM
MD
LG