ТIекхочийла долу линкаш

Турсхочун де даздайтина Нохчийчохь бахархошка


Оьрсийчоьнан Турсхочун де даздайтина Нохчийчохь бахархошка, берийн бошмийн биста кхаччалц. Амма дихкина лаьтта 1944-чу шарахь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь къам махкахдаккхар билгалдаккха. Иза кхета а деш, шуьйрра билгалдаьккхина и дагалецаман де Европерчу а, Малхбалерчу а, Iамеркарчу а мехкашкахь.

Нохчашца цхьана бухарчу бахархоша а дакъалецира ХIелсинки, Осло, Копенгаген, Варшава, Истамбул, Париж, Вена, Антверпен, Киев, Амман, Алматы, Тбилиси, Магас гIаланашкахь хиллачу гуламашкахь. Пхи шо ду Депортацин де бIаьстенан цхьана дийне дIа а теттина, Нохчийчохь Чиллан-беттан 23-чохь билгал ца доккхуьйту.

И де хьахош конференци хIотторна, боцу бехк а кхоьллина лурчаха чуволларх, набахтехь хан токхуш ву Кавказан къаьмнийн ассоциацин президент Кутаев Руслан.

XS
SM
MD
LG