ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь къоман лазамца боьзна гуламаш ца хиллехь а, махкарчу бахархоша тахана а саццаза ялхайо, шашь лайна къизаллин зама.

Дуьненан массо маьIIехь, нохчий болчохь а, боцчохь а билгалдаьхна жигара хьийзинчу Советан Iедало къизаллин, харцонан аьллар тIедоккхуш, къам Iазапе лоцуш, вайнах бохийна балане денош, шераш.

Iедалан векалша, бехк-гуьнахь доцчу бахархошна тIехь, къизаллега бохь бугIийташ даьккхина эра, цара адамашка шайн цабезам, жахьталла гайтар шуьйра дийцаре дина интернет зIенехь а.

Нохчийн беха Европера цхьамогIа гIаланаш йоцуш цу Iийжамечу дагалецамашна юьстах ца йисна лулара ГIалгIайчоь а.

Амма кхузахь урхаллехь болчара лардина дохадар нохчех аьттехьа а хьакхаделла а доцуш санна сурт, шен рожехь дIайоьдуш яра телехьожийлаш, Оьрсийчоьнан дезде билгалдоккхуш базбеш бара Даймохк ларбархой-турсахой, Нохчийчохь нийсо, бакъо тулуьйтуш къепе хIоттийна низамхой.

Махкахь нахана дош хеташ а, дукхахболчара я къобалдеш а хIума дац эзарниш нах -зударий, божарий, бераш, кхиазхой, кегийрхой докъаза байар дIадолийна, къоме Iожалле некъ болабайтина хьархара де ларалуш долу, кху чиллана беттан 23-гIа де дезде санна тIеэцар.

Ерриг Оьрсийчохь и де ишта деза, лераме ларар аьттехьа а къобал ца до цхьа могIа бакъонашларьярхоша а, Iилманчаша а.

Цара кхеторехь иза аккхалла а, кегийчу къамнийн сий-пусар цадар а, уьш шайга нисса цаларар а ду. Шайн лаам дIабовзийта некъ а ца гуш, могIарерчу бахархоша беламе а, челакха а лору Москварчу Iедалхошна томана, уьш резабан Iалашо лаьцча санна, дохийна Юккъерчу Азе къам дIахьажийна де, бIаьстене, Стигалкъекъачу беттан 10-чу дийне дIататтар.

Бакъдерг аьлча, дукхахболчу бахархойн бала а ца кхочу, цу политикаца боьзначу хиламийн. Хьо дIа хатта воьлча, наггахь волчунна бен хаа а ца хаьа къам дохийна де, леррина тIеэцначу сацамца шина-кхаа батана тIаьхьатеттаний.

Цара даима а санна, къинхетамаллица, адамаллица гIийла бохкучаьрга гIоьналлин куьг кховдош, ахча лучо ахча луш, кхачанан сурсаташ доькъуьш, деле бехна Казахстанан, ГIиргIазойн мехкашкахь хеназа Iожалло шайн хедийна гергарниш.

БIаьрхиш а ца совцалуш уьш дагаоьху зударшна а, божаршна а. Доза доцу къизалла гуш шаьш лайначу Iазапех дуьйцуш ю Соьлж- гIалин кIоштан Дойкар эвлана юххерчу Аьхкинчу-Барзера Эльмурзаева Медана.

Медана: «Юьхьанца чIогIа хала дара. Мацаллина дан хIума доцуш баларш дара ду-кх. Халонаш яйна дукха хала. ДIакхаьчча, пеш йоцуш шийла божалш санна еса хIусамаш елира.

Халонаш чIогIа яйна. Ши-кхо шо даьлча жима садоIийла елира. Катоьхнарг, лачкъийнарг бен хIума дацуш юьхьанца бала хьийгира. Картолаш лаьттинчу метте а доьлхий, лай бухахь уьш лоьхура, тIаккха пеша тIехь, я духанки чохь йоттура, яхкаелларг дIа а йоккхуш».

Дохадар хьокъехь дуьйцуш йолу Эльмурзаев Медана, ша хаъал хилчахьана цIийннаналла лелор, бераш кхиор доцург (ткъа уьш цуьнан 11 хилла) дешна а яц, политика цхьана кепара бала кхьачна стаг а яц, бакъду цуьнан къамелехь тIех дика го Советан Iедало, де доьхначу, гIад дойначу нохчийн мел лерам бина а, нохчаша мел доьналлица, Iожаллех чекхбуьйлуш, маьршачу, синтемечу кханене некъ бина а.

Медана: «Бухарчара юьхьанца гIо ца дора, тIаьхьа-тIаьхьа вон бацара уьш-м. Ткъа ваша а велира цигахь шелонна, Iай ишал тIера эрз хьакха вахханчохь, ша кагбелла хи чу а воьжна. Кхиъна вогIуш жима вара иза. Цигахь шелвалар бахьнехь кхин то ца луш дIавелира. Iедална бала бацара нохчо веларх я царна цуьрриг новкъа ца догIура тхо далар. Стаг велча а шу бехкенна вели-кх ала а йиш яцара. Адам кхерара…»

Къам махках даьккхина дохадарх дийцина Эльмурзаева Медана ша дуьйцург карладуьйлуш, Iеткъаш елхара, цо а, кхечара а юьйцу эрчонаш цхьана кхечу дуьненера, туьйранашкара йолуш санна, атта кхета ца луш,хала тIеоьцурш царах теша цалуурш кIезиг бац тахана нохчийн кхиазхойн юкъараллехь.

И кхачамбацар дIадаккхарехь уггар хьалха жоьпалле урхаллехь берш лору жима а хиламаш литта а, оза а гуьнахь болчара.

Стенна аьлча, тIекхуьучу чкъурана цу могIарера баккхий бохамаш чуьра дуьйна бовза бевзара, тIейогIучу хана царех къам лардан, Iожаллин кохьар кIел ца нисдалийта

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG