ТIекхочийла долу линкаш

Кегийрхой радикале а берзош, Шема хьийсорна бехкевечу имамна-боснийхочун а, цуьнан нохчийн къомах волчу накъостан а дов луьстуш яьллачу паузехь кхечу массех нохчочун девне ладуьйгIира Грацерчу кхело.

Кхаарийн а, еарийн а деношкахь шен болх дIахьош йолчу Мирсад О. цIе йолчу боснихойн имаман а, цо тIеIаткъам а бина Шема хьажийна, цигахь маьршачу нахана тIехь къизаллаш лелийна ларалучу Мухьарбек Ч. цIе йолчу нохчочунна а тIехь йолчу кхелехь цхьа могIа скандалаш а хилира.

Доккхачу декъехь тешашка хеттамаш барх лаьттинчу цу шина дийнахь амма тешаш, шайга дуьххьара, кхел йолаялле полисхоша хеттамаш бечу хенахь, майра шайна хуург дийцина хилла болу, хIинца кхелан кхерчахь, тIехьоьжуш Iаш Мирсад а, Мухьарбек а волуш, гаррехь кхоьруш бара царна тIекхайкха.

Иштта цхьа теш, ша хьалха дийцинарг полисхоша харц яздина, ша ца аьлларг ду кхелахоша протокалашкара дIадоьшуш дерг бохуш, юх-юха а керисталла дечара ца сецча, кхелахочо, шена тIе а чевхина, „суна кIордийна ахь буьттучу аьшпашка ладегIа, кхин цкъа ахь харцдерг алахь ас кхучуьра лаьцна, дIавуьгуйтур ву хьо харц тоьшаллаш дарна“ шега олушехь, юханехьа велира. „Бехк ма биллаш, со бехке ву“, - аьлла, цо тIаккха эххар а шега лучу хеттаршна лортIехь жоьпаш дала долийра.

Кхин цхьаъ теш, иштта кхелана хьалха харцдерг дуьйцуш, ша хьалха хеттамашкахь дийцина, протоколехь дIаяздинарш ша аьлла дац, бохуш къар вала ца тикча, дог даьттIачу кхелахочуо омра дира кхелан кхерч йоьттина хиллачу полисхошка, и стаг харц тоьшаллаш дарна лаца аьлла. Оцу сохьта и теш лаьцна, дIа а вигира.

Мирсад О. цIе йолчу боснихойн имамана дуьхьал тоьшаллаш дан нах кхьоьруш хилар кхел йолаелчахьана и процесс ларйечийн цецбовларца гай йиш ю. Иштта рогIера теше, Къосам В. цIе йолчу, цуо шен хеттаршна кхочучу агIор жоьпаш дала ца тикча, юх-юха а хетта дийзира кхелахойн, хьо стенах кхоьруш ву? Мирсадах кхоьру хьо я Мухьарбеках кхоьру хьо? Цара хьайн доьзална цхьаъ дайтарна кхоьру хьо? - бохуш.

Цу стеган 15 шо долу йоI 2014-чу шарахь цIера едда Шема дIаяхана хиллера. Иза лоьхуш цунна тIехь вахана волу Къосумна цигахь Мухьарбек гинера, цуо иза ша шен йоI ялош цIавирзичнул тIаьхьа Iедалхойн хеттамашна жоьпаш луш дIадийцина а хиллера.

Амма кхелана хьалха цуо дацаре дора, шена гинарг билгал Мухьарбек вара бохург, суна ца хаа, хила мега, цуьнгахь тутмIаьжиг яра, бохуш хьийзадора цо. Эххар а кхелахочуо ахь Мухьарбек хьайна гар дацаре дан оьшуш дац хьуна, цуо ша мукIарло дина хьуна шена хьо цигахь гина хилар, цул совнаха, харцтоьшаллаш дарна хьо ас жоьпалле озон йиш ю хьуна аьлча, къера хилира иза шена Шемахь герзаца гинарг Мухьарбек хиларна.

Мирсадна а, Мухьарбекна а тIехь еш йолу кхел еари делкъана садоIа сецча, цу кхерчахь цхьа кхин джихаднойн процессо шен болх дIабаьхьира, ялх нохчочунна тIехь дIахьош йолчу. Цу ялханехь цхьаъ, коьрта бехкевеш верг Грацерчу нохчийн маьждиган имам Висита ву, кегирхошна радикалан исламхойн хьежамаш а Iамош, уьш Шема хьежорна бехке веш волу.

Иштта Шемахь тIамехь а хилла юхавирзина волу ЭзирIелий, Арсений цIе йолу ши кIант, ткъа иштта шен кхаа бераца Шема дIаяха гIертачуьра нанас а, йижарш а полисхошка орца а даьккхина сацийна йолу Лайса цIе йолу къона зуда а, цуьнан нана а, йиша а, цара цкъа хьалха шайн йоI Шема хьажийнарг Висита вар аьлла полице.

Цул тIаьхьа, прокуроро чIагIдарехь, Виситин наха тIеIаткъам а бина, ша иза аьлла дац аьлла юхахьа яьлла йолу, цуьнан ваша йоI а, кхин а Шема дIаяха тохаеллачу Лайсин махьрам а хIоьтттина иза аэропорте цунна гIо дарна бехке веш волу ШаIман а, цуьнан хIусамнана Марина а.

Цу нахана тIехь кхел дIайолаелла ши кIира а дара, хIинца еарий дийнахь тешашка хеттамаш барца дIабаьхьира цуьнан болх.

Ала догIу Шема кегирхой хьежорна бехке веш волу Висита цу хIуманна боккъал а бехке хиларх ца тешаш дуккха а нах бу иза вевзачарна юккъехь. Грацерчу кхеле хьовсархой санна боьлха ур-ататлла Венера а тIаьхьа вайнах.

Иштта цара цуьнан адвокатехула кхеле кехат а яздинера, и Виста мелхо а Шема нохчийн кегирхой эхарна дуьхьал вара аьлла тоьшалла деш.

Висита вевзачарех цхьаъ ву Венерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонан векал волу Мусалатов Шайхи. Маршо радиоца шен къамелехь иштта тоьшалла дира цуо лаьцначунна.

Мусалатов: „Висита кху Австрехь дуккхаъчарна вевзаш ву, везаш а ву. Иза цу Шема нохчийн кегирхой дIаихарна мел чIогIа дуьхьал вара хууш ду тхуна. Оха стохка кхузахь Венехь вовшахтоьхначу кегирхойн конференцехь вистхуьлуш цуо дийцинарг цунах лаьцна дара – вайн кегирхой кхузахь деша а доьшуш, болх беш, вайн къам цара дикчу агIор гайта дезаш хилар“.

Виситина а, цуьнца кхеле озийначу вукху пхеа стагна а еш йолу кхел заздоккху беттан ялхалгIачохь кхин дIа а хьур ю. Ткъа Австрехь уггаре а кхераме а, уггаре а радикале а имам ларалуш волчу Мирсадна а, цуьнца кхеле озийначу Мухьарбекна а тIехь кхел кхин а масех дийнахь яхлур йолуш ю.

XS
SM
MD
LG