ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мигрантех дозанаш лардо Австрино а, Балканийн мехкаша а


Австрино а, луларчу Балканийн мехкаша а бартбина, дозанаш къовлучу биста кхаччалц, чубахка гIертачу мигрантех Iалашдан. Проблема йийцаре ян Вене гулбелира еарийдийнахь итт пачхьалкхера арахьарчу гIуллакхийн министрш. Чоьхьара интересаш а ларъеш, социалан программаш йист йоцуш хуьлийла доцийла а кхетош, мигрантех, тховкIело йоьхучех къовлаяла еза Европа, боху маьIна дара динчу къамелийн.

Арахьара стаг тIеоьцу хьелаш билгалдохуш деклараци хIоттийна дипломаташа. Масала, харц кехаташ а кечдина новкъабевлла нах мехкашка буьтур бац, боху декларацино. Шен дозанех чекх левеш, литтина, дийнахь везткъа мигрант бен чу ца эца сацамбира дукха хан йоццуш Австрино. Оцу хьоло мухIажирш дозанашкахула кевнаш лохуш дIасабаржира Балканашкахула, гонахарчу кхечу мехкийн дозанашкахула. Амма уггаре хьалха мигранташ Европе хьалхар дозу Малхбалерчу тIемашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG