ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровн хан чекх ца яьлла


Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржехь Iан елла хан кхачош лаьттачу Кадыров Рамзанан политикан новкъахь кхидIа хиндерг хьеха хьалхе ду, аьлла дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс, шега журналисташа динчу хаттарна дуьхьал. «Хан хIинца а чекх ца яьлла, цундела и дийца а дац маьIна», - аьлла Песковс.

Бутт баьлча шен даржехь Iан кхочу хан йоьрзуш юйла а хууш, Кадыровс деношкахь яздира, ша хаза а хеташ дуьтур ду дарж, амма хан чекхъяьлча, сацам тIеэцар иза президентан гIуллакх ду, аьлла, тIе а тухуш.

XS
SM
MD
LG