ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман аз дека махкахь хIинца а


Теркана аьрро а, аьтто а агIор Iуьллучу шина кIоштехь кху деношкахь шуьйра дийцаре деш лаьтташ ду граната кхуссу топ яьлла жима стаг вер а, ХIирийн мехкан Мазалк гIалара веъна таксахо вер а.

Гранотомет олучу хIоьънаш кхуьссучу тоьпо 16-17 шо долу жима стаг вийна Теркйист кIоштан Iелин-юьртара. И бохам нисбелла эвлано нацкъаро, мацах цкъа даьхний кхобуш хиллачу дехий, даккхий божалш лаьттачу меттехь.

Цига шайн накъостана гIо дан вахна велларг воцуш кхин масех нийсархо а хилла, хуъчара дийцарехь. Цхьаъ-м деш царна божал тхов тIехь карийна и Iожаллин герз.

Цхьаболчу юьртахошна хетарехь кхиазхошна мотттане а ца моьттина иза эккха кхерам болуш топ ю. Дехьа луш, сехьа луш ловзаяьккхина иза Сулейманов цIе йолчу кIентан карахь иккхина, цунах коржамаш а туьссуьйтуш.

И ирча гIуллакх гIардаьллачул тIаьхьа карладаьлла кху шолгIачу тIеман юьххьехь, наха ферма олучу цу Iедалан божалшкахь дIатарйина, цхьа хан яллалц ницкъаллин структураш кхабар – юьхьанца нохчех лаьтташ йолу батальон, цул тIаьхьа оьрсийн ницкъаллин структураш.

Юьртарчу бахархоша цара дитина хуьлуьйту ларамаза жимха вийна герз. Цу хьокъехь дуьйцуш ву цигга юьртара Мусаев Шаид.

Шаид: «Хийца а луш, цкъа нохчий тIаккха оьрсий салтий Iийна цу фермехь. Цара дитина хуьлчух тера ду и герз. Бераш ма ду уьш, телевизор чохь бен и тайпа герз гина а доцуш. Чот йоцуш, бен доцуш лелийна герз, деш хьесап а доцуш. Кар-кара оьцуш ловзийначух тера ду цара иза. Дела къинхетам бу и цхьаъ бен ца велла!

ТIалам боцуш герз леладарна хилла хIума ду. Оцу ницкъаллин структурийн низам талхош, шайна ма-тов бала боцуш герз леладарна хилла бохам бу-кх иза. Уьш жоьпалле цахиларна хилла-кх. Оьрсийчохь ког баькх-баьккхинчохь нислуш ду и санна челакха бохамаш. Стенна нисло? Дера нисло хьаьнга мел ду а ца хууш герзаш дукха хиларна..»

Ларамаза, ницкъала герз а даьлла кIант валарх дийцинчу Мусаев Шаида ма-аллара Оьрсийчохь данне а керла дац, къайлах-къулах лелочу герзаша кест-кеста цу кепара нах байар а, заьIапа бар а. КIарглуш, гена вийла а ца оьшуш масалш цунна кIезиг дац.

ХIинцца ши де хьалха граната а иккхина яханчу хенахь эскарехь гIуллакх деш хилла стаг вийна ХIирийн мехкан Беслан гIалахь.

Полисхойн урхалло Iорадаккхарца 46 шо долчу вахархочо машена чохь лелош хилла и кхераме герз. Цу могIарера масалш дукха ду, массо бохург санна мохк-кIошташкахь.

Тахана Новр гIалин кIоштехь кар-кара оьцуш хьехош дерг ду ХIирийн мехкан Мазалк гIалара нах балош веъна турко къомах таксахо вер, урс тоьхна. Бахархоша чIагIдарца куьг бехкениг, Алпатов юьртара вахархо де-буьйса далале лорах а кхиъна схьалаьцна низамхоша.

Цо динарг къам бехдеш, къаьмнашна юкъара барт эгIо тарлуш Iаламат вон, юьхьIаьржоне хIума лору вайнаха. Ма-дарра аьлча, нахана кхаъ хилла Iедало и зулам динарг набахте кхачорах. Цу хьокъехь шен ойла йовзуьйтуш ву Новр кIоштера Висаитов Мохьмад.

Мохьмад: «Нохчийн къомана чIогIа эшаме, эхье хIума ду цу зуламхочо динарг. Шен хьаннал рицкъ даккха гIерташ волу маьрша стаг муха воь? Динца а, Iедалца а-массо агIор чот йоцуш вон хIума ду-кх иза. Суна а чIогIа тайна-кх и лаьцна бохург. Ма-хуьллу сиха адамех херван хьакъ ву и саннарг..»

Бахархоша даре дарца, дай-наноша а, Iедалхоша а само ян хьакъ а долуш, кху тIаьхьарчу хенахь нохчийн кегийрхошлахь хаъал алсамбуьйлуш оьзда боцу мотт а лебеш, маьттаза, шайна ма-тов леларш.

Наха мукIарло а деш, къаьсттина эвхьазалла а, кIезгалла а гойтуш чамбоцуш лела и саннарш, шаьш ца девзачу, лула-куларчу мехкашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG