ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан Талламан комитето дIакъевлина, Нохчийчохь тIемаш лаьттачу шерашкахь, Ханты-Манси автономан махкара баьхкинчу лаккхарчу эпсарша маьрша бахархой доьза байъарна айдина хилла бехктакхаман дов.

Федералан низамхоша 2001-чу шарахь Оьрсийчуьрчу эскархоша рогIехь маьрша стаг вер гIарадаьлла лийлира Нолхчийчохь. Цуьнан хьокъехь кхело, бехке а вина, чувоьллинера милцо хилла Лапин Сергей.

3 бутт хьалха оцу гIуллакхна юккъехь коьрта бехкевечарех волу Минин Валерий дIалаьцнера. Иза Нохчийчу кхелан хьалха ца хIотторал сов, Ханты-Мансин Iедалша а, меттигерчу юккъараллаша гIортор а йина, иза мукъаваькхинера.

Оцу гIуллакхна реза боцуш, нохчийн бакъонашларъярхоша арз дийр ду меттигерачу Iедалшка а, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а.

2000-чу шерашкахь Соьлжа-гIала ханна болх бан хьажийначу Ханты-Мансин кIоштерчу милцоша, маьрша нах байина а, къизаллаш еш хьийзиина хилар а гучудаьллера ларамза.

Меттигера вахархо Мурдалов Зеламха новкъахь схьа а лаьцна, шаьш долчу дIавигнера цара. Цул тIаьхьа яйнера цуьнан ларраш. Шен кIант лаха араваьллачу дас боккха болх бинера и гIуллакх толлуш. Шаьш хеттарш а дина, иза дIахецна аьллера милцоша, амма бакъонашларъярхоша а билгалбаьккхинера оцу меттехь нахана тIехь латтийначу къизаллийн барам.

Мурдалов цхьаъ хилла Iаш вац царах зе хилла. Суьйра-Коьртара вахархо, школера хьехархо Садыков Iалавди коьрта теш вара царна дуьхьала хIотта йиш йолуш.

Иза дIалаьцначу хенахь цуьнан лерг даьккхинера милцоша, шайгара жоп доьхур доцийла а хууш. Садыков коьрта теш вара милцоша лелийначунна. Шен кхерам болундела иза хIинца Европерчу цхьана пачхьалкхехь вехаш ву.

И гIуллакх дуьххьара талла долийнера «Мемориалан» Соьлж-ГIалахь долчу декъера бакъонашларъярхоша. Милцой дIабахначу хенахь уьш хиллера цу чохь, оццу Садыков Iалавдица. Цуьнах лаьцна Маршо Радиога дийцира хиллачу бакъонашларъярхочо Акбулатов ШаIмана.

Акбулатов: «Ханты-Мансера ОМОН хилла меттиг йохаяле цигахь суьрташ даха тхо кхиира. Iалавди хьалха а ваьлла гайтира цигахь ша дерриг. Етташ а, къизалш лелийна меттиг яра цигахь. Пенаш тIе, цIий къайладоккхуш кира тоьхнера».

Ханты-Мансин кIоштерачу милцоша шаьш лаьттачохь нахана тIехь къизаллаш леллийна хилар дуьххьара гIарадаьккхинарг яра Эстемироваа Наталья.

Изза кхиъ 7-8 шо даьлча, муьлш бу ца хуучу наха къиза йийра. Цуьнан а, Садыков Iалавдийн майралло Iордаьккхира иза бохуш кхин дIа а дийцира Акбулатов ШаIмана.

Акбулатов: «Иштта долу гIуллакхаш хан-зама а йоцуш, низамо ма бохху талла деза. Iалавди къар а ца луш и некъ дIакхьоьхьуш схьавеара».

Минин арахецна, Прилепин маьрша лелаш ву. Цу шинна а амнисти йина Даймехкан Сийлахьчу тIамехь толам баьккхина 70 шо кхачар бахьанца. Лапин Сергей, Мурдалов Зеламхан тIехь къизалш лелийна волу 10 шарна чувоьллинера набахте.

Иза, Нохчийчуьра шолгIачу тIамехь дакъалаьцначу низамхойх, дуьххьара вара кхело жоьпе озийна. Кхиъ иттанаш а, бIеннаш а бу иштта гIуллакхаш талла а ца толлуш лаьтташ.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG