ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара тIом сацон барт бина


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Барака дIакхайкхийна дуьнено тергонехь латтор ду, Шемахь тIом сацон бина барт Оьрсийчоьно муха ларбо, аьлла. Оршоьтадийнахь дуьйнна ларъян декхаре ю тIама юкъа мел озаелла агIо бинчу бертан чIагIо. И дIахьедар Обамас дира Цхьанакхеттачу Къаьмнийн оргнаизацин Кхерамзаллин Кхеташонан еарийдийнахь хиллачу цхьанакхетарехь.

ПIераскана кхеташонехь вист хуьлуш, Обамас элира, ша кхета, тIеман хьал цхьацца меттигашкахь лаьттарг хиларх, хIунда аьлча, «Исламан пачхьалкх» олучуй а, кхечу цхьацца жихIадхойн тобанашций къовсам лаьттар болундела. Ша эскарш хьовсор ду, ловза ца беш, массо а меттигашкахь ДАIИШ-хой хIаллакбайта, бохура Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента. Иракъехь дIаяьхьна дика операцеш, мукъабаьккхина жихIадхошкара ах мохк, билгалдаьккхира Обамас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG