ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЕвроБертан пачхьалкхашка визанаш а йоцуш лела мега гуьржий


Европан комиссино дIахьедина, ша кийча ю Гуьржийчоьнна ЕвроБертан пачхьалкхашка цуьнан бахархой визанаш а йоцуш лела таро яла, аьлла. Комиссино хаамбира бутт хьалха, Украино а, Гуьржийчоьно а хIиттийна шайн лаьттанашна тIехь Европан комиссино тIеэгош хилла хьелаш, шина мехкан бахархошна маго тору Шенгенан зонехула маьрша лела, аьлла.

Амма Маршо Радионе цIе ца йовзийтинчу Евробертерчу хьостано дийцира, Украина коррупци эшиийна ца яьлла боху ойла а лела шайн гонехь, аьлла. Цул совнаха, цо бахарехь, Донбассан стигалахь стохка шен кема дохорна оьгIазе йолчу Голландино дуьхьал кхаж таса а мега Украинана хьалха Европан кевнаш деллар къасталучу даьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG