ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Паспортизаци" йолийна Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу бахархоша чIагIдарехь, Iедал кегийрхошна «оьздангаллин паспорташ» далар дIахьош ду, кегийнах ойланца, кхетамца зуьйчуха. Хеттарийн анкета яьржина лела интернетехь. «Къона чкъор ницкъаша, ша шена мотт бетта декхаревеш санна хьал ду хIоьттинарг» бохуш, «Кавказан узел» агенталле латкъамаш бина махкарчу бахархоша.

Чиллан-беттан 18-чу дийнахь Нохчийчуьрчу парламентан сайта тIехь хаам баьржинера, тIейогIучу хенахь хIора 14 шарера 35 шаре ваьлла жимстаг, мехкан куьйгалхочун омраца оьздангаллин «паспортизацех» чекхвала декхаре ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG