ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов Борис вийна шо кхаьчна


Немцов Борис, оппозиционер, ПАРНАС партин лидер, Оьрсийчуьрчу Iедалан критик, вийна шо кхачар билгалдаьккхира Москох либералан кхетамца болчу бахархоша. Кремлана гена доццучу, политик вийначу Доккхачу Москворецкан тIайна гергахь гулбелла, Немцовх лаьцна дехха къамелаш дира эзарнаш наха.

Иштта далхийра Iедалера йийлина а, юьйлу а аьлла хета харцонаш. Немцов вийначу метте, тIайтIе баха дихкинера шахьаран куьйгалло. Цундела оппозиционер вийначу метте зезагаш а дохкий, юхабогIура гуламхой шаьш лаьттаче. Шоьтан Iуьйранна Немцов Борисан садаьллачу метте зезагаш дехкира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векало Теффт Джона.

Шена Немцовс сатийсинчух дакъа мукъане а кхочуш хуьлийла лаьа, цундела веана ша иза вийначу тIайтIе, элира Теффта. ПIераскана Пачхьалкхан Дума реза ца хилира депутатийн цхьана жимчу тобано Немцов дагалоцуш тийналлин минот дIаяхьа, оцу бахьанийца и тоба, протест къадош, араелира парламентан белхан чоьнашчуьра. Немцов Борис верна бехкебеш лецна лебеш бу Москох талламчаша Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонера эскархой.

Политик вуьйш некъ болийнарг, юьхьараэцнарг мила ву къастаза дуьсуш ду цкъачунна, ткъа талламчаша къастадийраш харц тоьшаллаш лору Немцовн доьзало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG