ТIекхочийла долу линкаш

Харжамийн кхаьжнаш багарбеш бу ГIажарийчохь


Бирзинчу парламентан харжамийн кхаьжнаш багарбеш ю ГIажарийчоьнан харжамийн комисси. Президента РохIани Хьасанан реформаторш бу махкарчу консерваторшца къоман кхиаран некъаш къастош. ТехIерано зарратан герз кхоллар дитар ду хIинца хоржучу парламентан а, уггаре хьалха кхечу шолгIачу халкъан урхаллан Хьехамчийн Кхеташонан карахь.

Тоъал харжамхой ца гуллуш, ялх сахьатна хан яхъян дийзира харжамийн. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, 60 процент харжамхой хилла кхажтосучу чоьнашкахь. Парламентехь хир ву 290 депутат, ткъа Хьехамчийн Кхеташонехь – 88. Шайгара меттиг керлачу Кхеташоне дIалуш болчу къоман векалша къастийна гIажарошна, масала, керла аятолла – ХIаменаи Iела.

XS
SM
MD
LG