ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара тIом Грацерчу кхелехь


Шема -- Ракка гIалахь, 2014
Шема -- Ракка гIалахь, 2014
Линкана тIе

«Теш «№ 1“, „полисхойн тешаш ларбаран программица ларвеш волу коьрта теш“, „прокуратурин коьрта карта“ - иштта вуьйцура Грацера джихадхошна тIехь кхел йолаелчу дийнахь дуьйна схьа цу кхелехь вистхила везаш хилла волу цхьа нохчийн къомах волу стаг.

И стаг, ша а Шемахь хилла, цигахь, цуо ша чIагIдарехь, Маьршачу Шемарчу Эскарехь Асадна дуьхьал тIом бина волу, ша цигара Австри юха ма вирзина Iедало лаьцча, оцу сохьта Iедалца цхьаьнаболх бан волавеллера.

Цо комаьрша дийцинера полисхошка, Шемахь шена мел гиначу нохчех а, кхечу Австрера дIабаханчу джихадхойх а лаьцна. Цуо и айкхаллаш дарна дуьхьал Iедало иза тешаш ларбечу программин тховкIела а лаьцна, иза веха меттиг цхьанна а ца йовзуьйтуш, шпионех лаьцначу филмашкахь санна, ларвеш ву, цхьана къайлахчу петара а хаийна.

И къайлене стаг, кхелехь шех Аслан С. олуш волу, эххар а еари дийнахь гучувелира Грацерчу кхелан кхерчахь, юхь тIе йоьллина туьттмIаьжг а йолуш, улле ваьлла иза ларвеш цхьаъ санна 5 иштта юхь тIехь тутмIаьжгаш йолу полисхо а волуш.

Аслана дийцира кхелехь, ша Шемахь тIемалошна рацица а, телефонаца а зIе Iалашйеш болх беш вара, бохуш. ДаIиш тоба тIелатар дан кечлучу хенахь цара эфирехула дуьйцу къамелаш лаца а лоцуш, иза шайн эскаран урхалле дIаолуш хилла иза.

Цигахь, Шемахь, даIишхойн могIаршлахь шена хIинца кхеле озийна, бехкевечеран гIентахь Iаш волу Мухьарбек гира бохуш дийцира цуо кхин дIа а. И Мухьарбек ДаIишан куьйгалхочуьн аьтто куьйган ролехь вара элира цо.

Дуккхаъ къизаллаш гира шена цигахь бохуш дийцира тешо, ДаIиш тобано лелош. Ша I50 метар генахь волчуьра къайлаха тергалдеш а волуш, Мухьарбек декъа волчу ДаIиш тобано инзаре дукха боьрша нах арсаш а хьоькхуш бойъуш гира шена, ткъа зударий цара шайца дIабигира, бохуш чIагIдо Аслана.

Цул совнаха, цу дийнахь, даIишхошца дIа ца юьгуш йитира, Аслана дийцарехь, доьзалхочух йолу кхо зуда, царех цхьаннан гай датIийна, дуьненчу дала кхианза долу бер а дийра цара. Цхьана кхечу меттехь даIишхоша меттигера бусулба нах байъа бойъуш, цу нехан декъий уллорчу гIуна чу кхьуссура, и гIу хьалабуззалца.

Уьш а, кхин долу а инзаре дийцарш Асланс ша кхелан кхерчахь Iачу нахана ца вовзийтархьама царна букъ берзийча бен тутмIаьжг дIа а ца йоккхуш дийцира. „Со тешна ву, суо Iедало ларвеш велахь а, иштта- вуьшта а вуьйр волуш хиларх, амма со кхоьруш вац“, - элира цо.

Аслана дийцинчух цхьа дош бакъ дац аьлла хеташ ву иза тIекхойкхуш волчу кхеле озийначу Мухьарбекан воккхах волу ваша Iалихан. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь цуо чIагIдира, и Аслан бакъдолчехь корт бахочу молхнаша талхийна стаг ву, цуо дуьйцуш дерш ша Iедале чу ца воллийтархьама дуьйцуш а ду, бохуш.

Iалихан: „И Аслан Мухьарбекан вевзаш а вац, я суна вевзаш а вац. Иза дIахаьттича мила ву хууш стаг а вац, Шемара цIавеъчахьана кортбахочу молхнашца лелаш ву иза, телефон а хийцина цуо, схьаоьцуш а вац дIатоьхча“.

Цу юкъана Грацерчу кхеле йоккхачу кхерамазалла ларйарца юхь тIе туьтмIаьжг а йоьллина, валийначу хиллачу Асланан юхь-сибат, хетарехь, мел кIезга а Австрехь бехачу нохчашна дика девзаш ду. Мобилан телефонашкахула дIасалелаш ду цуьнан герзах воьттина даьккхина сурт, хIара стаг нохчашна тIекхойкхуш ву аьлла бухахь йоза а яздина.

ПIераскана а, оршотдийнахь а шен болх дIабахьира кхело кхин а башхачу хьелашкахь, цу процессехь вистхила декхарийлахь мел верг цхьана къайлахчу террорхойн агIончаша кхерамаш туьйсуш Iадийча санна хоьтуьйтучу.

Иштта, масала, пIераскан дийнахь тенш санна айкхаллин ялийна йолу цхьа зуда цкъа хьалха кхеле яц ца туькуш дуьхьал яьлла хиллера, цул тIаьхьа полисхоша тIаьхьа а бахана, ша схьаялийча, цуо дийцира, шега цхьана цабевзара, хьо кхелехь Мирсадний, Мухьарбекний тIекхайкхахь, шаьш хьо юьйр ю аьлла смс-хаам баийтинера, ша цундела кхера а яьлла, ян ца лууш Iийр аьлла мукIарло дира. И смс язйинарг мила ву толлуш бу хIинца Iедалхой.

Цу зудчо дийцира иштта, шен хиллачу хIусамдас шайн кIант радикалан хьежамашца галваьккхина, иза Шема ДаIишах дIакхета ваха гIуртучу тIеваьккхинера, бохуш.

Къайлахчу сервисашна иза гучу а даьлла, цара шен кIант дIа ца вохийтуш саца а вина, хIинца Венехь набахтехь воллуш ву иза, амма шена иза лаьцна дика хета, кхин хIуммаъ дацахь дийна вуьсур вуй сан иза, бохуш дийцира цуо тIехьаьжна хазанесанна кхераелла, Iадийна хеталуш хиллачу зудчуо кхелехь.

Иштта кхеравелла гуш вара кхин цхьа стаг а, Мирсадний, Мухьарбекний тIекхайкха валийна волу. Ши де а дара иза лаьцна волу, ша хьалха аьлларг ца аьлла бохуш къар ца валарна.

Боснихойн имамо Венерчу 2-чу кIоштанарчу Алтун маьждигехь радикале даIваташ дина, талхийна шен ваша Шема вахний-теша аьлла полисхошна тIе а вахана, цуо дийцинера, и шен ваша Мирсада бечу хьехамаша галваьккхина а вара, цу маьждиге оьхуш болу кегирхой Шема дIаоьхуш а бу, аьлла.

ХIинца амма, кхелехь, шена тIе хьоьжуш Мирсад а волуш, цуо керисталла дора, шена дага ца догIу, и саннарг ша аьлла хилар, бохуш.

Австрехь уггаре а гIовгIане джихахойн процесс ларалуш йолу Мирсадний, Мухьарбекний кхел зазадоккху баттахь кхин дIа а хьур йолуш ю.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG