ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юй Кадыров Рамзанна альтернатива?


Нохчаша хьовха, Оьрсийчуьрчу политикаша а, могIархоша а айдина дуьйцу кху кIиранашкахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж дита деза я ца деза Кадыров Рамзана. Кхидолу бахьанаш доцуш, Кадыров шозза шегарчу даржехь Iийна хиларе терра, цунах мукъавала декхаре ву, нагахь санна президента Путин Владимира цуьнан хьокъехь шатайпа сацам ара ца хецахь.

Оцу хьолаца дузу Маршо Радионо кху кIиранан хаттар. Юй Кадыров Рамзанна альтернатива, кхин стаг хила а тарлой мехкан урхаллехь? Шайга хаьттича, мила хуьлуьйтур вара аш Нохчийчоьнан куьйгалхо?

ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучунна йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прага: + 420 724 0I9 832.

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 7240I9832.

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.

XS
SM
MD
LG