ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бартбинехь а, герзаш дуьйлу Шемахь


Шема -- ЖихIадхоша лаьцна латточу Тешрин юьртахь, шен чохь Iуьллу Абу Мустафа, Демаьшк, 1Заз2016
Шема -- ЖихIадхоша лаьцна латточу Тешрин юьртахь, шен чохь Iуьллу Абу Мустафа, Демаьшк, 1Заз2016

ХIара мур Шемахь тIом сацийна ларалуш белахь а, цигахь дийнахь-буса 33-зза барт бохош герзаш дийлина, хаамбо агенталлаша. Идлиб гIалина гергарчу Дама юьрта йистехь кхийссаршна кIел нисъелла Болгарерчу, Канадерчу, Оьрсийчуьрчу, Китайрчу журналистийн тоба, цхьаболучарна чевнаш а хуьлуш.

Диктаторан Асад Башаран агIоно чIагIдарехь, дуьнено машара юкъаийзош а боцчу жихIадхойн тоба ю герзаш диттинарг. Шемахь тIемаш совцочу берта юкъа муьлха ницкъаш боьлху-ца боьлху къастош, Вашингтоно 100 сов тобан цIе дIакхачийна Кремле. Иза Шемара оппозици ю доккхачу декъанна. Оьрсийчоьнан тIеман министралло хаамбина, машар кхайкхийчхьана схьа йолчу хенахь Асадна дуьхьаллаьттачу 850 тIемалочо герз охьадиллина, аьлла.

Шемарчу оппозицино дIахьедина, цхьа а барт бац хилла гуш, Асадан эскарш хьалха а санна тIелета шен тобанашна, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG