ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров дIа ца ваьккхина, ткъа Митрохинна гIуда тоьхна


Оьрсийчоь -- Яблоко партин лидер Митрохин, "Кадыров даржера ваккха" боху карарчу гатано,Москох, 26Деч2016

Оьрсийчоь -- Яблоко партин лидер Митрохин, "Кадыров даржера ваккха" боху карарчу гатано,Москох, 26Деч2016

Шинарийдийнахь10000 сом гIуда тоьхна кхело «Яблоко» партин политкомитетан декъашхочунна Митрохин Сергейна цо кIира гергга хьалха Нохчийчоьнан администраторна Кадыров Рамзанна дуьхьал, низам а дохош, акци айина аьлла. Карахь «Кадыров – даржах ваккха» боху плакат а долуш, Оьрсийчоьнан президентан урхаллин декъатIе кхача гIоьртинера Митрохин а, цуьнца лаьцна хилла массех цуьнан партера жигархо а.

Кадыров, цо оппозицех «халкъан мостагIий» аларна, даржах вохор доьхучу ницкъийн декъахь ю «Яблоко» парти».

XS
SM
MD
LG