ТIекхочийла долу линкаш

Шайн шахьарарчу цхьана урамна ГIалгIайчоьнан цIе тиллийта араяьлла хьийзина Бежиташвили Марьям ша а ю и дан сихха аьтто баларх цецъюьйлуш. Гуьржийн гIалгIашка болчу ларамо белла и аьтто бохура Марьяма Маршо Радиона интервью луш.

Бежиташвили: «Урамна и цIе тиллана, цигахь, ГIалгIайчохь, гуьржий лоруш техкина цIерш мел дукха ю а хиина. Цунах ас Фейсбукехь яздинера. Билгалделира Гуьржийчоьнан а, гуьржийн а цхьацца жигархойн, яздархойн цIерш йолуш цигахь 8 урам хилар. Несарахь, Джейрахехь, Соьлжехь, МалгIбекехь ю и цIерш. ТIаккха ас теллира, кхузахь буй теша гIалгIайн цIарах цхьа а урам. Ца хиллера. 2010 шарахь кхузахь дагадеанера гIалгIайн яздархочун Базоркин Идрисан цIе урамана тилла. Иза дара «Кавказан фонд» йолчу хенахь. Амма цунах гIуллакх ца хилира. ХIунда ца хилира а ца хаьа суна. Стохка ас и хаттар юха а айдира, ГIалгIайчоьнан цIарах урамна цIе тилла вай аьлла».

Бежиташвили Марьям ша къона Iилманча ю. Цо леррина толлуш ю гIалгIайн истори а, синбахам а, церан гуьржашца а, кхечу къаьмнашца а йолу уьйраш. Дайша лелийна гергарло, тахана церан тIаьхьенах долчу вай а лело деза, билгалдаьккхира цо.

Бежиташвили: «Со гIалгIай толлуш ю. Иза Iамоза агIо ю кавказхойн къаьмнаш толлучу Iилманехь. Цигара схьадогIу ас талламаш бар. Ас гуьржийн-гIалгIайн проекташкахь къахьегна. Магистрийн диссертаци а яра сан оцу темех. Ас гулйира видеоматериалаш ломанца бехачу хевсурашна юккъахь. И нах берраш а аьлча санна, дIабохийначу гIалгIайн цIенош чохь Iийна. Нохчий а, гIалгIай а бохийначуьра юхабирзича, цара мукъадаьккхира церан латта а. Ас массийта документалан кино яьккхина оцу хьокъехь».

Гуьржийчохь, къаьстина яьккхийчу гIаланашкахь, дуккха а урамаш ду луларчу къаьмнийн сийнна цIерш тихкина. Тбилисехь, масала, бу Дудаевн а, Соьлж-ГIалин урамаш.

Цiерш тахкаро гергарлонаш чIагIдо къаьмнашна юккъахь, тешна ву гуьржийн политолог Квахадзе Алеко.

Квахадзе: «Тбилисин урамашна мехкийн, къаьмнийн цIерш техкар даьржина ду. Кхузахь ю Пекинан а, Полшин а, масала, цIерш. Амма цкъа а Къилбаседа Кавказерчу мехкийн цIерш техкина яцара. Амма хIинца ю. ХIинца гIалин кхеташоно и цIе тилла аьлла бина сацам бу а бу диканиг. Тбилисехь хилла ца Iаш, кхечу регионашкахь а хила еза Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн, нехан цIерш урамашна тихкина».

ГiалгIай лоруш, Тбилисин урамна церан цIе тиллийта хьийзина Бежиташвили Марьям ша цкъа а ца хилла гIалгIайн махкахь. Амма лаамм богу цуьнгахь. Несарарчу университетехь гIалгIайн мотт Iамо ойла а ю цуьнан. ...Амма Оьрсийчоьно виза ца ло.

XS
SM
MD
LG