ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн маттера бакъ хьал, дийцарехь а доцуш,чуьра дуьйна девзаш болчу хьехархоша а, Iилманчаша а, яздархоша а ненан маттаре таханлера хьал-де катастрофа бохучу маьIнехь, цхьа боккха бохам, санна туьду.

Цара чIагIдарца, карарчу хенахь ишколе доьду вайнехан бераш, уггар хьалха оьрсийн матто тIеIаткъам бина хуьлу, цундела доьшийлехь церан ненан матте болу хьажам а бу хийрачу матте санна говзанчаша чIагIдарца.

И чIагIам, дайдина аьлча, нохчийн маьттана охIла болчу нахана хетарг мел бух болуш ду хьажа леррина Iалашо а хIоттийна со хилла Невран а, Соьлж-ГIалин а кIошташкахь масех доьзалехь. Тидаме эца деза соьца,бовл бовлуш эвхьаза а бовлуш соьца къамел деш долу кегий адамаш,ишколе дахаза 3,4,5 шераш долуш ду.

И соьца къамел дина бераш ишколехь а дац, я берийн бешахь а дац. Вайнахалахь олуш ма-хиллара, телевизор чу »батт а йиллина»,мультфильмаш олучу туьйранашка а хьовсуш кхуьуш бу, уьш, тийна-таьIна Iийчахьана, дай-наноша кхин терго а ца еш.

Гуш ма-хиллара,цIахь Iашшехь цу бераша ненан маттана вуно чIогIа эшам а беш караберхош бу оьрсийн мотт. Ткъа хIун хьал ду ишколехь? Муьлхачу тIегIанахь ду мотт а, йоза а карадерзор?

Цу хеттаршна жоьпаш каро цкъа хьалха ас ешийтина дешархошка нохчийн маттахь. Тидаме эца деза йоьшуш берш дика дешархой лоруш болу,юьхьанцара 4 класс яьккхина бевлла, 5-6-чу классан дешархой хилар.

Нохчийн меттан кханенан-ламенан, къоман хиндолчун бала кхочуш болчу хьехархоша билгалдаккхарца,оьрсийн матто беш болу тIеIаткъам чоьте а эцна, ишколашкахь юьхьанцарчу классашкахь ненан маттахь хьехийта тахана санна хьашто цкъа а хилла а яц.

Жимма а дестийна ала бух боцуш,нохчийн мотт,боберах тера дIатеттарх, иза лераме цахиларх ,цуьнан хьокъехь ма-дарра бакъ сурт довзуьйтуш ю Соьлжа гIалин кIоштера хьехархо Медент.

Медент: «Хьалхарчу классашкахь нохчийн мотт дика Iамабора хIинца пенсе бахийтинчу хьехархоша. Кху керла тIебаьхкинчара Iамош бан а бац. Стенна,царна шайна а ца хаьа ненан мотт шианний бен.

Тхан ишколехь хIинца иза Iамош бан а бац. Iедалехь болчара юьхьарлоцу-кх нохчийн мотт кхето а беза,Iамо беза,бицбан ца беза… Дуьйцуш и ду ткъа сахьташ дIахедош ду. Цунах ца кхета со.

Дийца цхьаъ а дуьйцуш дIо-о кехаташ тIехь кхин леладо-кх. 4-гIа класс чеккхъяллалц ша мел йолу урок нохчийн маттахь хила езаш яр-кх! Суна юххерчу классера кIант веъна со йолчу чу цхьа хIума эша,ткъа буьйцург оьрсийн мотт бу.

Со цецьяьлла хьаьвзича цунна юххе иккхина веанчу дешархочо боху-кх: « Деци,каникулашкахь мультфильмашка а хьежна, цунна нохчийн мотт биц ма белла! «. Делдахь ду иза бакъ. Ас –м цуьнан хьехархочуьнга а хаьттира цунах. Цо а даре дир-кх и бакъ хилар.

Нохчийн метан урокехь цуьнга хIун дийца деза ца хууш йисна ша бахар-кх цо. Со хIун ала йоллу,царна ишта Iама ма Iема оьрсийн мотт,цунна сагатдан оьшуш ма дац. Нохчий маттахь бен хьеха ца дезара хьалхарчу классашкахь.

Нагахь и ца дахь, и бераш цхьанне хIумнах кхета а ца кхеташ и мотт байна баьлла бу-кх. Оцу 5-чу классехь долчу дукхах долчу берашна цундела и нохчийн метан йоза кхечу пачхьалкхан йоза санна хеташ,йцу тIехь Iаламат чIогIа галбевлла бу-кх уьш».

Нохчийн маттах а,иза ишколашкахь хьехарх а дийцина Марет цхьа яц шен хьажамехь. Iедалхой орце а боьхуш,цунах мохь-цIогIанца дийцар тахана Iаламат маьIне хиларна оха довзуьйтур цу декъехь яздархошна,Iилманчашна хетарг а.

Цара чIагIдарца Iедалан коьртехь болчу маьхькIамхошна тIера дуьйна охьа доьзалшка,дай-наношка кхаччалц - церан бала цакхачарца а, уьш партал Iарца а доьзна,кхечу иттанийн меттанаш дела дисинчу къаьмнийн санна, хIаллакхуьлуш, бухбацаре боьдуш бу ненан мотт. Боьдуш бу шо-шаре мел долу стамлуш,дебаш къам а долуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG