ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минскехь бина барт ларбеш бац


Украина -- Кириллан а, Мефодин а хIоллам, Киев
Украина -- Кириллан а, Мефодин а хIоллам, Киев

Оьрсийчоьнан, Украинан, Францин, Германин дипломатийн дай Парижехь вовшахкхийтира еарийдийнахь. Йийцаршкахь яра Оьрсийчоьнан, Украинан юкъаметтигаш, цара а, цаьрца цхьана Донбассерчу сепаратисташа а стохка Iай Минскехь кхайкхийна машар муха ларбо боху тема.

Киево чIагIдо, Оьрсийчоь бина барт бохош схьайогIу, шен эскарш а, герзаш а Донбассе хьийсочуьра ца соцу бохуш. Амма Киеве а ю европахойн претезеш: цо ца кечдина хIинца а Донбассна шуьйрра автономи кховдо а, цигахь маьрша харжамаш халкъе дIабахьийта а таро луш низамаш.

Цул совнаха, Германин арахьарчу гIуллакхийн министра Штайнмайер Франк-Вальтера ма-аллара, политикан партешна юкъахь къийсамаш латтар бахьана долуш, кIелдуьсуш ду Украина демократин а, экономикан а реформийн новкъаяккхар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG