ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан кхелехь шайн аргументаш йовзуьйтуш бара еарийдийнахь Украинан эпсаран Савченко Надеждин адвокаташ. Савченкос шен тIаьххьара дош а олуш, вердикт кхайкхоче яьлла йоьду кхел. Иза бехкейо цо сепаратисташ болу меттиг а юьйцуш, украинахошка герз тохийтинчу меттехь оьрсийн ши журналист валарна.

Иштта бехкедуьллу цо луларчу Оьрсийчоьнан доза хадор а. И доза хадийча лаьцна оьрсийн эскархоша, чIагIдо кхелехь прокурораша. Цара 23 шо набахтехь такха тохар доьху. Адвокато Новиков Ильяс бахарехь, Савченкос ша лоцуш телефонехула динчу къамелийн хан журналисташ дийна болчу юкъанца нислуш ю – ткъа иза юьззина алиби ю.

XS
SM
MD
LG