ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Миграцин кризисехь ю Европа


Европан Бертан мехкаша шаьш-шайгара мигранташна а, мухIажиршна а шайн дозанаш къовлар емалдина Европан Кхеташонан куьйгалхочо Туск Доналда. Еарийдийнахь Афины шахьарахь желтойн премьер-министрца Циприсца къамел деш цо элира: «Ас мигранташка боху. Ма теша контрабандистех! Ма кхийса шайн дахар кхерама кIел, ахча ма дайа эрна!»

Иштта бехкебира цо цхьацца мехкийн лидерш, юкъахь бина барт а боцуш, дозанашна догIанаш деттаро Европан цхьаалла йохайо, аьлла. Австрино, цунна тIаьххье Словенино, Хорватино, Македонино, Сербино некъ бехкар бахьана долуш, Желтойчохь ваха меттиг а йоцуш висина таханенна 24 000 мигрант.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG