ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Рамзан, дIа ма гIо!"


Кадыровс цхьана агIор, инстаграмехь, телевизионашкахь, ша Нохчийчоьнан куьйгаллехь висар доьхуш гуламаш ма хIиттабойла а бохуш, вукху агIор кечбеш бу кху кIиранденна шена наха тешам луш къамелаш дендолу боккха гулам. Массо а кIошташкахь Соьлж-ГIала хьовсо кечбина бюджетан белхашкара нах.

Цаьрца шайца хила деза Кадыровн суьрташ, и хеставе лозунгаш. Шозза мехкан президентан даржехь а Iийна, тIейогIучу гурахь кхозлагIа а хаор ву иза я вац оцу дарже къастор дуьсу Кремлан карахь, цо цкъачунна къадоза.

Амма РБК агенталло бахарехь, Кремлерчу хьостанаша хIинцале а хаийтина, юха а Кадыровна бен Путина и меттиг тешор йоцийла а, иза бен гурахь рогIера президент нехан хоржийла доцийла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG