ТIекхочийла долу линкаш

Адам дерна официалехь бехк тIебаьхьна бахначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Москох, ша баьккхина беран корта а лестош, йоьдуш лаьцначу Узбекистанера схьаяьллачу зудчунна Бобокулова Гулчехрана.

ПIераскана Талламан комитетан векало Маркин Владимира тIечIагIдира оьрсийн нанас шен 4 шо долчу йоIе хьажа балха эцначу зудчо зулам дина хилар.

Интернетехула яьржина лелачу видеохь полицига хаамбо Бобокуловас, Путина Шемин бахархошна тIе бомбанаш еттийтарна бекхамбина ша бохуш. Пресненский кIоштIан прокурораша шайна хетарехь Бобокулова цхьана наха араяьккхина хилла боху ДАIИШ олучу тобанна хьашташ кхочушдайта.

Карарчу хенахь психологин экспертизах чекхйоккхуш ю беран корта баьккхинарг.

XS
SM
MD
LG