ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Януковичан ахча лаьцна латтор ду кхидIа а


Украина-- Янукович Викторан Iедална дуьхьаллаьтташ кхелхина "Небесная сотня" дагалоцуш, Киев, 21Лах2015
Украина-- Янукович Викторан Iедална дуьхьаллаьтташ кхелхина "Небесная сотня" дагалоцуш, Киев, 21Лах2015

Украинехь президент лаьттинчу Янукович Викторан а, цуьнан гонерчу 15 стеган а активаш лаьцна латтор дIадахдина Европан Берто, уьш лечкъийначу ахчанах юьзина хиларх шеко а йолуш.

Дуьххьара церан активаш лецира Евромайданехь адам гIаьттинчу муьрехь шен махкахь цIий а Iанийна Янукович ведча. Кхин а цхьана шарахь доладойла хир дац оцу нехан шаьш Европехь дIаIалашбинчу бахамах. Активаш лецначийн могIарахь бу Украинехь премьер-министраш Iийна Азаров Николай а, Арбузов Сергей а, Януковичан администрацин куьйгалхо хилла Клюев Андрей а.

Лачкъийна ахча Украинан бюджете юхадерзорна Европан Берто церан могIаршкара яьккхира хьалхо могашаллин министр хилла Богатырева Раиса.

Брюсселехь пIераскана активаш ехкар къобалдира Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министрша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG