ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Борзехь маслаIат ца дарна...


Нохчийчуьра полици декхаре яра Шоьтан кIоштарчу Борзехь нохчех лаьттачу «Малхбале» батальонний, оьрсийн иччархойн полккий вовшахлата кечлуш юйла хаа а, шен хеннахь дов дохо а, аьлла хета «Кавказский узел» газетехь ойланаш къадочу эксперташна.

Борзерчу бахархоша дечу тоьшаллица, нохчочунна-эскархочунна оьрсаша йиттинчул тIаьхьа бекхам эцца бахана хилла полке «Малхбале» баталоьнера иттаннаш бIаьхой. Дов дирзира полкерчу дуккха а эскархошна нохчаша етташ, царех ткъеха дарбан цIийне а кхачош.

Кадыровн Iедало хилларг ца довзуьйтуш къайлаяхьина юкъараллах инцидент, амма хилларг толлуш, лустуш бу тIеман министраллера инарлаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG