ТIекхочийла долу линкаш

Украинин консулан сервисан белхахой хилла Оьрсийчохь Савченко Надежда латточу Новочеркасскан номер 3 йолчу талламан изоляторехь. Украинин эскархо мацалла хьогуш йолу кхолагIа де ду. Талламан изоляторера цо кхайкхам бина ша къелхьара яккха аьтто болчу нахе ша маьрша яккха шайга далург дахьара аьлла.

Украинин инарлан консуло Москаленко Виталийс бинчу хаамца, Савченко дагахь ю Кхаарин дийнахь шен тIеххьара дош олуш йистхила. Цо дийцарехь, тутмакх хи мала реза хир ю, нагахь шега тIеххьара дош а делла, кхо де далале шена йина кхел кхайкхаяхь.

XS
SM
MD
LG