ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а мигрантийн хаттар дуьйцуш бу Евробертан лидерш


Белги -- Евробертан а, Туркойчоьнан а саммит, Брюссел, 7Заз2016
Белги -- Евробертан а, Туркойчоьнан а саммит, Брюссел, 7Заз2016

Сихха кхайкхийначу саммитехь мигрантийн кризисах хьалхадовларца доьзна хаттарш дийцаре деш бу Брюсселехь Евробертан лидерш. Цу цхьаьнаккхетарехь дакъалоцуш ву Туркойчоьнан премьер-министр Давутоглу Ахьмад.

Евробертана юкъайогIучу 28 пачхьалкхан лидерш кхайкхам бан дагахь бу Анкарага, Европехь тховкъело каро аьтто боцу эзарнаш мухIажираш юха тIеэцахьара аьлла.

Европан Кхеташонан куьйгалхочо Туск Дональда Брюсселерчу саммитехь далийначу терахьашца, стохка Евробертан территори тIе бевллачу мигрантийн терахь дара 880 эзар стаг. Кхин а 128 эзар мухIажир кхаьчна цига хIара шо доладелчхьана. Карарчу хенахь 2 эзар сов мигрант кхочу Туркойчура Греце хIора дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG