ТIекхочийла долу линкаш

...ШолгIачу тIеман уггаре баккхийчу Iовжамех Iовжам бара рогIера президент вер. ТIаьмехь вуьйш-леш хуьлий-м масарна а хаьара. Амма Iовжам шагбийриг дара Девкар-Эвларчу нехан тоьличуьра дIа Кремле, шен агIор ша тIом сацош хилар дIа а кхайкхийна, машар буьйцу меттиг ларъеш иза Iаччу муьрехь тешнабехк бар.

Дукха ду нохчашна эсехь диса язделла. Дийцлур доцчех ду президент вер шена сийлалле дуьллуш, «Ас нохчийн зударшна совгIатдина, вийна Масхадов» аьлла, Дуьненаюкъарчу Зударийн Дийнахь Оьрсийчоьнан Нохчийчуьрчу урхалланчас кхоьссина дозалла а.

Маршо Радио тIаьххьара хаамийн хьоста хилира Масхадов Асланца къамелдинарг. Ша веле кхо де хьалха дара цо тхан хеттагшна жоп делча... Тамашениг дара цунна шех Кремл кхета а еза, кхетар а тарло аьлла хетар.

Массех куьйгалхо лаьттира Нохчийчохь цо ша-шех йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхийначу шерашкахь. Массех вара президент хоржучу шина харжамашкахь дарж къовсуш а. Царех ву тахана Лондонехь Iаш волу, хIетахьлерчу Iедалан цIе шех а йозуш схьавогIу Закаев Ахьмад.

Шеца президенталла къовсуш харжамашкахь тоьллачу Масхадовх цо довхачу дешнашца олу даима а.

Масхадов Аслан массо а президенташлахь адамаллица, нахаца ийна хиларца къаьсташ вара олу дукхахволчо. Цуьнан пресс-секретар а, тIаьхо Москох векал Iийна а ву тахана Парижехь веха историк доктор Вачагаев Майрбек. Цунна хетарехь, догкIеда стаг вара Масхадов бохург данне а дац иза буьйда куьйгалхо вара бохург.

Лазамашлахь бита ца торург бу нохчашна Масхадов Аслан шен цIахь лаьтте верзийна вацар, Кремло гергарнаш кошабарзах бахар. Страсбургерчу Европан адмамийн бакъонийн кхело бинчу сацамо элира, харц ю Оьрсийчоь Масхадовн гергарчаьрга лаьтте ца верзавайтарца а, иза дIавоьллина меттиг ца йовзийтарца а.

Амма Оьрсийчоьно ца эцна и сацам юьхьара. Масхадов Асланан воI Анзор тахана а вац шен ден кошан барз бацар магийна Iаш, цуьнан оцу хьокъехь лаьтта къовсам Оьрсийчоьнан Iедалца тахана а.

Дуккха а къаьхьа, ирча, лазаме хиламаш лелла кху шерийн муьрехь. Дуккха адамаша лар йитина нехан дегнашкахь, ойланашкахь. Шенна къастийначу дешнашца, дагахьбаллам къадорца йоккхуш хеза наха Масхадов Аслана цIе а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG