ТIекхочийла долу линкаш

Евробертан лидерш реза бу Туркойчоьнна


Белги -- Туркойчоьнан премьер-министро Давутоглу Ахьмад (аьрро.) куьг луш ву Европан Кхеташонан куьйгалхочуьнга Туск Доналде. Брюссел, Заз. 8, 2016

Белги -- Туркойчоьнан премьер-министро Давутоглу Ахьмад (аьрро.) куьг луш ву Европан Кхеташонан куьйгалхочуьнга Туск Доналде. Брюссел, Заз. 8, 2016

Евробертан лидерша реза хиларца тIеэцна Туркойчухула Европе баьхкина мигранташ тIеэца Анкара реза хилар. Уьш иштта реза хилла туркоша цу гIуллакхана доьху ахча дала а, ткъа иштта Туркойчоь Евробертана юкъаэцар хьокъехь дицарш жигара даха а, мелла а сиха туркойн пачхьалкхаца Евробертан виза йоцу раж юкъаяккха а.

Цунах лаьцна дIахьедар дина Брюсселехь 15 сохьтехь яхъелла Евробарт-Туркойчоь саммит дIайирзинчул тIаьхьа. Дуьйцуш долчу хаттаршкахула барт бан безаш бу кху беттан 17-чу а, 18-чу а а деношкахь хир йолчу рогIерчу саммитехь.

Брюсселехь хиллачу зорбан конференцехь Туркойчоьнан премьер-министро Давутоглу Ахьмада дIахьедар дира, шайн Iалашо бакъонца йоцу миграци сацор а, адамашца контрабанда лелор дехкар а, лечкъа а ца лечкъаш Европе балха баха луучу нахана гIо дар а ю аьлла.

XS
SM
MD
LG