ТIекхочийла долу линкаш

Батирашвили ТархIан вийна боху юха а


ал-Шишани Абу Iумар (Батирашвили ТархIан)

ал-Шишани Абу Iумар (Батирашвили ТархIан)

Пентагоно бечу хаамца, Iамеркан кеманаша дахначу пIераскана ракеташ тоьхна Шемахь «Исламан пачхьалкх» олучу тобанийн къилбаседан агIонерчу дакъойн урхаллан гIишлошна тIе. НАТО-н инарлаша бахарехь, тарло цигахь тIеман буьйранча ал-Шишани Абу Iумар вийна хила.

Тохар динчу пIерасканал тIаьхьа даьхкинчу деноша а ца кхачийна Пентагонан иччархой билгалонна тIе – вийна я ца вийна кемашана Исламан пачхьалкх олучу тобан тIеман министр ларалуш волу Батирашвили ТархIан.

Паьнказахь, ДАIИШ-ан буьйранча схьаваьллачу Биркиани юьртахь а зийра Маршо Радион корреспондента и хаам - дац билггал ала хууш хIумма а. Ца хаа хилларг я Гуьржийчоьнан тIеман министрна Хидашвили Тинатинна а - шаьш дерг къаьстташ билгалдаларе хьоьжуш Iа, бохура цо оццу пIераскан Iуьйранна, амма аьлла дац цо а информацин лорах кхидIа хIумма а.

Пентагонан пресс-спикеран Кук Питеран а дац совдаьккхина ала хIума, кеманаша ал-Шишани Абу Iумар вийна хила тарло алар доцург. Цуьнца цхьаьна вийна аьлла даьржина кхин а 11 тIемало. Амма иза а бац официалан хьостанашкара хаам.

Цундела кхоччуш хууш дац хIумма а.

Иракъехь а, Шемахь а лаьттачу тIемашкахь вахчавелла бIаьхо Батирашвили ТархIан Малхбалехь уггаре кхераме ларалучу террорхойн тептарахь ву. Иза лаца я хIаллакван аьтто беш информаци еллачунна 5 миллион доллар кхайкхийра Iаьмеркан Штаташа дахначу шеран бIаьста.

30 шо ду Батирашвили ТархIанан. Гуьржийчоьнан эскаршкахь йолийна цо шен тIеман карьера.

2013-чу шарахь Батирашвили хIоьттира Шемин президентна Асад Башарна дуьхьал летачу тIеман «Джейш-аль-Мухаджирин валь-Ансар» тобан коьрте («МухIажирийн а, гIоьнчийн а Эскар»). ТIаьхьо исламан пачхьалкх кхуллу ша аьлла ваьллачу Иракъерчу жихIадхочуннна ал-БагIдадина тобадира цо а, цунна тIаьхьахIиттинчу Кавказерчу а, Юккъерчу Азерчу а къаьмнийн цхьаболчу векалша а.

«Исламан пачхьалкх» тобан декъа иза вахана массех бутт балале, Мосулехь Шемин малхбалерчу дакъойх жоп луш волу коьрта буьйранча ал-Анбари вийра. Цуьнан метта хIоьттира ал-Шишани Абу Iумар.

Ши шо хьалха интернетехула Шишанис кхаъ кхайкхийра Нохчийчоьнан администраторш хIаллакбинчарна. 12 стаг вара тептарахь. Кадыров Рамзанан коьртах лора 5 миллион доллар. Делимханов Адаманчух – 2 миллион доллар. Ткъа Нохчийчоьнан полицин куьйгалхочун гонерчу буьйранчан Алаудинов Аптин коьртах лора жихIадхоша ах миллион доллар.

Оццу дийннахь Батирашвили а, цуьнца кхин а 11 стаг а террористийн «Iаьржачу тептара» ваьккхира Iаьмеркан Штаташа.

Хаамийн гIирсаша юх-юха, дуккхаза а даржйина иза вийна бохуш.

2013-чу шеран гурахь курдойн гIаттамхоша шаьш цхьана тIематасадаларехь байинчу жихIадхошлахь ал-Шишани Абу Iумар а ву аьлла даржийра.

Лурчаха гурахь Кадыров Рамзана шен инстаграмехь яздира, «исламан мостагI Батирашвили ТархIан, шех ал-Шишани Абу Iумар олуш верг, вийна. Иштта хир ду Оьрсийчоьнна а, нохчийн къоманна а кхерамаш тийса дага мел деанчунна а», аьлла. Батирашвили вейтинарг ша ву моттуьйтуш, веллачу цхьана стеган сурт а латийра Кадыровс шен текста кIел.

Амма Кадыров пхоьазлагIа вара Батирашвили вер цхьацца-цхьацца хенашкахь кхайкхошверг.

Стохка бIаьста оццу хьокъехь ялхазлагIа хаам а баьржира, гIажарой зорба дара хабар арахецнарг. ВорхIазлагIа Батирашвили дийна вац аьлла дIакхайкхинарг а ТехIеран яра.

ХIинца, борхIазлагIа, ал-Шишани Абу Iумар (я Батирашвили ТархIан) вийна хила тарло боху Iамеркан кеманаша тоьхначу ракеташа Шемарчу ал-Шадиди гIалахь кхо-диъ де хьалха. Ткъа бакъдерг дац хууш тахана а.

Батирашвили ТархIанан да Тимур гуьржи ву. Нана – Паьнказара бацо. 2007-чу шарахь школа яьккхича, гуьржийн эскарехь гIуллакх дина. Эскарехь виса а лууш, дезна цамгар бахьанехь мукъавала. 2010-чу шеран гурахь, низамехь а доцуш, герз шеца лелорна набахте хьажийра иза.

Набахтехь ваьлла Батирашвили керста динера бусалба дине, цуьнан дас дийцарехь. Ши шо даьлча набахтера арахецна ТархIан могашалла вон хиларна. Араваларца, 2012-чу шарахь, дIавахана туркойн махка.

«Исламан пачхьалкх» олучу жихIадхойн буьйранчашлахь уггаре дера а, шен гонашкахь лараме а ву аьлла вуьйцу ал-Шишани Абу Iумар борхIазлагIа а хаамийн гIирсаша вийна алар цкъачунна лаьтта официалера я «хIаъ» а, я «хIан-хIа» а доцуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG