ТIекхочийла долу линкаш

Баллистикан ракеташ зийна ГIажарийчоьно


ГIажарийчоь-- Ракеташ хецар, Заз. 9, 2016

ГIажарийчоь-- Ракеташ хецар, Заз. 9, 2016

Исламан Революцин ГIаролхойн Корпусо Кхаарин Iуьйранна баллистикан ши ракета зийна ГIажарийчохь. Цунах лаьцна хаам бина ГIажарийчоьнан Фарс а, Тасним а хаамийн агенталлаш. Гадр Эйч цIе йолу ши ракета хецна Къилбаседа ГIажарийчeра. Церан Iалашо хилла 1400 километр генахь Къилба-Малхбалехь Iуьллу меттиг.

Iамеркин Iедалша варе йина ГIажарийчоь цу ракеташ зеро йохо мегаш ю Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин резолюцеш, тIаккха шаьш и хаттар хIотто мегаш ду дуьненаюкъараллан кхерамазаллин кхеташонехь аьлла.

КIайчу ЦIинан официалан векло Эрнест Джоша дIахьедар дина ГIажарийчоьно ракеташ зеро цабохийна аьлла ТехIрана 2015-чу шарахь 6 пачхьалкхаца шайн зарртан программа хьокхехь бина барт.

XS
SM
MD
LG