ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш ялх баттана яхйина Евроберто


Оьрсийчура а, Украинера а 146 стаганна а, 37 компанина а дуьхьал кхайкхийна санкцеш кхин а ялх баттана яхйина Евроберто. Брюсселана хетарехь, и нах а, компанеш а бехке ю Украинехь конфликт эккхарна. Банкашкара церан четаш болх беш хир яц, санкцеш кхайкхийначу нехан Евробертан пачхьалкхашка баха йиш хир яц Гезгмашин-бутт тIекхаччалц.

Евробертан Кхеташоно динчу дIахьедар тIехь аьлла ду, санкцеш яхйина Украинин территорин цхьаалла а, цуьнан суверенитет кхерамехь юьсуш хиларна аьлла.

Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш кхайкхийна Iамерко а, Евроберто а, кхин а цхьамогIа пачхьалкхаша. Цуьнан бахьана дара Оьрсийчоьно ГIирма дIалацар а, цултIаьхьа Украинин малхбалехь тIом болор а.

И санкцеш болх бечура совца езаш яра 2015-чу шеран Товбеца-баттахь. Москохо дIахьедарш до ша Украинехь йоьдучу тIеман конфликтана юьстах ю бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG