ТIекхочийла долу линкаш

Москохе шайн махкахой схьабоьхуш ю Киев


Украина – Политикан тутмакхаш тIехь болу постер. 07.Гезг.2015

Украина – Политикан тутмакхаш тIехь болу постер. 07.Гезг.2015

Украинин юстицин министралло дехар дина Оьрсийчоьнан Iедалшка Оьрсийчохь хан тоьхна болу шайн махкахой Сенцов Олег а, Кольченко Александр а, Афанасьев Геннадий а, Солошенко Юрий а схьалахьара аьлла. Цунах лаьцна Iедалан кхеташонехь хаам бина Украинин юстицин министро Петренко Павела.

Украинера кинорежиссер Сенцов Олег а, ГIирмера юкъараллан жигархо Кольченко Александр а бехке вина оьрсаша экстремистийн юкъаралла кхолларна а, ГIирмехь терроран тIелатарш кечдина аьлла а.

Стохка Марсхьокху-баттахь Къилбаседа Кавказан тIеман гонан суьдо хан туьйхира царшинна - цхьанна 20, вукхунна 10 шо набахтехь даккха. Афанасьев Геннадий хIинцале а хан токхуш ву набахтехь.

И кхо стаг политикан тутмакх ву аьлла дIакхайкхийна «Мемориал» бакъонашларъярхойн центро.

Полтавера «Знамя» цIе йолчу тIеман гIирс кечбочу заводан директор Солошенко Юрий чувоьллира 2015-чу шарахь ГIадужу-баттахь Украинехьа шпионаж лелийна аьлла. Цунна ялх шо тоьхна.

XS
SM
MD
LG