ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоьнна С-300 дIакхачо дагахь ю Оьрсийчоь гуьйре тIекхочуш


Оьрсийчоьнан С-300 система.
Оьрсийчоьнан С-300 система.

Кху шарахь Марсхьокху-баттахь ГIажарийчоьнна С-300 олу ракеташна дуьхьал системан хьалхара парти дIакхачо дагахь ю Оьрсийчоь. Иштта хаам бина Оьрсийчоьнан «Ростех» олучу корпорацин куьйгалхочо Чемезов Сергейс. Амма "Коммерсант" газето бинчу хаамца, цу комплексах ахча дIадаларца халонаш лилхина Оьрсийчоьнна а, ГIажарийчоьнна а юкъахь.

Газето дийцарехь, стохка бинчу бертаца а догIуш, 1 миллиард доллар дала дезаш ю ГIажарийчоь Оьрсийчоьнна. Цуьнах цхьа дакъа дIаделла хила дезаш дара гIажароша баханчу Чиллан-баттахь.

Израил а, Iамерка а саготта ю цу коплексах гIажароша пайда эца мегар бохуш шен зарратан объекташ стиглара тохарех ларйеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG