ТIекхочийла долу линкаш

Имам Чумаков вен гIоьртина зуламхой


Имам Чумаков Хьамза.

Имам Чумаков Хьамза.

Лаххара а 3 стаг чевнашг хилла ву ГIалгIайчохь Несар-Коьртарчу маьждиган уллехь машен эккхар бахьана долуш. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, лазийнарш дарбанан хIусамехь бу. Эккхар хиллачу меттехь йохийна масийтта машен. Луларчу хIусамийн дохийна кораш.

ТАСС агенталло бинчу хаамца, полицин белхахошна хетарехь, и эккхийтар имам Чумаков Хьамзат вен гIортар ду. Чумаков яй чов хилла ву.

«Кавполит» сайто бинчу хаамца, машен эккхийтина Чумаков маьждигера араваьлча. Интерфаксо дийцарехь, эккхийтинчу бомбанан ницкъ хилла 10 кила тратил эккхийтинчсанна.

2010-чу шарахь Несарахь Чумаковна тIелатар дира зуламхоша. Цара эккхийтbра иза тIехь волу машен. Еза чов хиларна лоьрийн дийзира имаман ког дIабаккха.

XS
SM
MD
LG