ТIекхочийла долу линкаш

Журналисташна йиттина зуламхой лохур бу гIалгIайн полисхоша


ГIалгIайчура Соьлж-ГIала боьлхуш хиллачу бакъонашларъярхошна а, журналисташна а тIелатар дар хьокъехь бехк-такхаман гIуллакх долийна аьлла хаам бина «Интерфакс» агенталло. Зуламхошна бехке дуьллур ду герзаца кхерамаш а туьйсуш, хIуманаш лачкъор Iалашонца нахана тIелатар. Хьалха талламан комитетан белхахоша и зулам хулиганалла лелор а, неха бахам хIаллак бар а ду аьлла тидинера.

Журналисташна а, бакъонашларъхярхошна а тIелеттера зуламхой кху беттан 9-чу дийнахь суьйранна. Туьтмаьжгаш йоьхкина хиллачу 20 гергга стага йиттина цу нахана, уьш тIехь хилла, жима автобус а ягош. Эшам хиллачарна юкъахь бу Оьрсийчура а, кхечу пачхьалкхашкара а журналисташ а, «КIизаллаш лелорна дуьхьал комитетан» декъашхой а. РБК агенталло бинчу хаамца, ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло ларбеш бу и тIелатар деш теш хилла нах.

XS
SM
MD
LG