ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный: хаттарш дуьтуш ду Лесинан валар


Путин В. а, Лесин М. а (аьттоагIор)., ГIад. 7, 1999
Путин В. а, Лесин М. а (аьттоагIор)., ГIад. 7, 1999

Велла аьлла дIакхайкхийначул тIаьхьа 40 де даьлча, Iамерки доза а хадийна, цу махкара д1авахана Оьрсийчоьнан зорбан министр хилла Лесин Михаил. Цунах лаьцна шен блогехь яздина Шоьта-дийнахь оппозицин политико, Коррупцица къийсам латторан фонд кхоьллинчу Навальный Алексейс. Иза тIетоьвжург ду Iамеркин дозанан сервисо далош долу тоьшалла. Царца а догIуш, Лесин Михаил дIавахана Цхьаьнатоьхначу Штаташкара 2015-чу шарахь, ГIура-беттан 15-чу дийнахь.

Оццу хенахь Лахьан-беттан 5-чу дийнахь хаам бинера иза велла карийна Dupont цIе йолчу Вашингтонерчу отелехь аьлла. «Лесинан дакъа хила мега хьуна махкал арадаьккхинарг, цуьнгахь паспорт хилла, ткъа иза иштта процедура ю, дийна стаг дIаваханча санна сурт хIоттош. Амма иза иштта хилча Лос-Анджелесехь дIавоьллинарг мила ву?» - хоьттуш яздо Навальный Алексейс. Цо тидам тIебохуьйту Лесин дIаволларх лаьцна цхьа а тоьшаллаш цахиларна.

«Цхьа а сурт а дац даьккхина, бIеннаш доттагIий Лесинан хиллехь а» - билгалдоккху Навальныйс. Цо дийцарехь, дерриг а чIогIа тера ду теш ларвеш даиман а лелош хуьлучух. Стохка Лесин вийначул тIаьхьа хабарш даьржинера иза вийна Iамеркан Федералан талламан бюроца юкъаметтигаш лело, Путин Владимиран юххера накъост хилла волу, иза реза хиллачул тIаьхьа бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG