ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамех лаьцна хаттар дийца реза дац Шеман Iедалш


Шема -- Шеман арахьарчу гIуллакхийн министр Муаллем Валид. Чилл. 6, 2016
Шема -- Шеман арахьарчу гIуллакхийн министр Муаллем Валид. Чилл. 6, 2016

Оршот дийнахь Женевехь дIадуьйлалуш долчу машаран дийцаршкахь дийцаре дийра дац махкахь парламентан а, президентан а харжамаш барх лаьцна хаттар. Иштта дIахьедина Шеман арахьарчу гIуллакхийн министро Муаллем Валида.

Цхьанне а бакъо яц президентан харжамаш дIабахьарх лаьцна дийца, иза Шеман халкъан бакъо ю бохаш вара иза Димашкехь зорбан-конференцехь.

Муаллема дийцарехь, Iедалан векалш реза бац Шемах федераци ярца доьзна хаттар а дийцаре дан. Цо дийцарехь, Шеман Iедалш реза ду оппозицин векалша Женевехь дийцарш дIадахьа, амма уьш цаьрга хьоьжуш Iийр бац Женевехь 24 сохьтехь а бен.

Шемарчу оппозицин векалша шайн агIор дIахьедина, арахьарчу гIуллакхийн министро Муаллем Валида совцош ду машаран дийцарш уьш Женевехь дIа а дуьйладалале аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG