ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчоьно бекхамбина Иракъан гIаттамхошна


Туркойчоьно кеманашца тохардина Иракъан малхбалерчу курдойн гIаттамхойн Iалашонашна тIе Хонкарахь динчу эккхийтарна бекхамбеш. Кеманаша йохийна герз Iалашден а, тIемалой болу а меттигаш, хаамбина туркойн инарлаша оршоьтадийнахь. Кандил, Гара олу лаьмнаш ду тIе ракеташ йиттинарш – цигахь хьулъелла ю Курдойн Белхан партера тобанаш, боху Туркойчоьнан зорбано.

Оршоьтан буса Хонкарахь автобус а оьккхуьйтуш динчу талорехь велла лаххара а 37 стаг, 120-нна чевнаш йина, туркойн могашаллин министра Муэдзиноглус телевизионехула бинчу хаамца. Беллачарех уггар кIезиг цхьаъ талорхо а ву, бохура министро. Туркойчоьнан президента Эрдогана дIахьедина шайн мохк лулахь лаьттачу тIемийн закъалт хилла, терроран тохарш лулара схьакхочу шаьш долчу, аьлла. «Эскаршца тIом бан гIора дацар гойту зуламахоша Туркойчохь талораш дарца,» - аьлла Эрдогана.

Хонкарарчу Кизилай олучу майданахь, транспорт дIасайолучу кIоштахь, автобусан социйлехь эккхийтина бомба. Зулам шена тIеэцна стагга а вацахь а, премьер-министра Давутоглу Ахьмада дIахьедина, талламчашна хаьа муьлш бу зуламхой, Iедалехь йолуш ю оьшшу информаци, аьлла. Пачхьалкхан куьйгалхой тешна бу, махканна зенаш дийраш «Исламан пачхьалкх» шайх олу а, курдойн а тIеман тобанаш хиларх.

XS
SM
MD
LG