ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брюсселехь Евробертан кхеташо дIаяьхьна


Оршоьтадийнахь Брюсселехь вовшахкхеттачу Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн министрша йийцарейира ГIажаройчоьнна тоха йогIу аьлла шайна хета санкцеш а, Оьрсийчоьнца шелъелла лаьтта юкъхаметтигаш а. ГIажаройчоьно деношкахь баллистикан ракеташ лелхийтарца зер дуьненца ТехIерано ша зарратан хьокъехь бина барт бохор лору Европехь а, Iамеркахь а. Францин дипломатин лидеро Айро Жан-Марка «эшна меттиг еанехь, санкцеш ца хIиттийча ер яц ТехIеранна дуьхьал", аьлла кIирандийнахь, шен Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретарца, Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн хьукматан куьйгалхочуьнца, Германин, Британин, Италин дипломаташца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа.

ТехIерано кху беттан юьххьехь зийна баллистикан ракеташ, уьш стигал зарратан герз даккхалуш елахь, оцу махко ша Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацица бина барт бохийна лара деза, аьлла ду дипломаташий дина дIахьедар. Иштта йийцарехь яра Европан Бертан кхеташонехь Оьрсийчоьно Украинерчу сепаратисташна а, Шемин диктаторна Асад Башарна а ен тIекарлонаш. Цаьрца доьзна дийцарехь ду Москохна дуьхьал гIиттийна санкцеш кхин а шагъяр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG