ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIалахь пресс-конференци хIотто лерина ву Каляпин Игор


ГIалгIайчуьра Нохчийчу боьдучу новкъахь а, Карабулакехь а журналисташна, бакъоларъярхошна деношкахь дина тIелатар дийцаредеш Соьлж-ГIалахь пресс-конференци хIотто дагахь ву “Iазапна дуьхьалояран комитетан” лидер Каляпин Игор.

Амма шеконехь ду и барам хирг хилар – Москохара цига бахка реза ца хилла журналисташ. 9 стагна йиттира, цьаргара машен ягийра, шайна царна къоланаш дира еарийн буса тIелеттачара – уьш нохчийн ноьмарш йолчу машенахь а бара, вовшашца цара нохчийн мотта бийцара, чIагIдо тешаша.

Нагахь санна пресс-конференци ша еш хилахь а, иза Кадыровн пурбанца бен дIахьор яц ша, аьлла Каляпина.

XS
SM
MD
LG