ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно Шемара шен тIеман гIирс цIехьаозабо


Президентан Путинан омрица Шемара тIеман гIирс Оьрсийчу юхаберзош бу. Иштта хаам бина тIеман министралло. Цо бахарехь, СУ-34 кеманаш Оьрсийчуьрчу базе юхадеана. Амма масса ду цIехьакхаьчна тIеман кема хоуьйтуш дац. Пхи бутт хьалха, Асад Башаран режимна гIодан а, «дуьненаюкъарчу терроризмаца» къийса а, аьлла, хьажийра Кремло шен ницкъ Шема. Оршоьтадийнахь Путина дIахьедира, Шемара дукхахдолу герзаш, эскарш, цара шайн декхарш кхочушдарца доьзна, цIехьаозадо, аьлла.

Женевехь асадиташ а, шемахой-оппозиционераш а машар бийца ховшучу дийнахь дина Путина шен омра. Президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс бахарехь, Шемахь ша кхидIа лело догIург дац Оьрсийчоьнан ойланехь, «коьрта Iалашо ю машаран процессна массо а агIор гIодар».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG