ТIекхочийла долу линкаш

Клинтон Хиллари кандидат яьлла харжамашкахь


Республиканхойх волу Трамп Доналд а, демократийн кандидат йолу Клинтон Хиллари а шинарийдийнахь кхаа штатехь тоьлла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь хинболчу президентан харжамашкахь дарж къовса кечлуш. Флоридехь 46 процент кхаьжнаш а бохуш толаме кхаьчна совдегар-миллиардер Трамп.

Иштта хьалхаваьлла иза Иллинойсехь а, Къилбаседа Каролинехь а, Миссурехь а. Клинтон хьалха ю демократашлахь Огайохь, Флоридехь, Къибаседа Каролинехь, Иллинойсехь. ЖамI иштта ду – Клинтон Хиллари шеко а йоцуш кандидат яьлла демократех, ткъа Трампна мелла а кхаьжнаш оьшу республиканхошлахь шен векаллалла чIагIдан.

XS
SM
MD
LG