ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанехь автобус чохь бомба эккхийтина тIалибаша


15 стаг лаххара а вийна, ткъеха чов хилла ву Пакистанерчу Пешаварехь автобус чохь бомба эккхийтар бахьана долуш. Полицин векало Марват Iаббаса Маршо Радиога дийцира, лелхийтинарш Iедалан белхахой бу аьлла, автобусна чуьрчу гIентан кIел иккхина бомба, ткъа иза юстахара радиоурхаллица эккхийтина.

ДарбанцIийне кхаьчна 26 чевнаш хилла стаг. Бехк тIеэцна шена Пакистанерчу тIалибийн Лашкар э-Ислам олучу тобано. Оршоьтан дийнахь кхело 13 тIемало вен кхачорна бехкам бина шаьш, аьлла даржийна тIалибаша.

XS
SM
MD
LG